ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йукъархо Путин ву? Израилера а, ГIажарийчуьра а тIамо муха Iаткъам бийр бу Украинера тIамна


ТехIеранан цхьахйолчу кIоштахь мехкадаьтта доккхучу заводехь цIе йаьлла, Израило тохар динчул тIаьхьа. 2025-чу шеран мангал-беттан 15-гIа де
ТехIеранан цхьахйолчу кIоштахь мехкадаьтта доккхучу заводехь цIе йаьлла, Израило тохар динчул тIаьхьа. 2025-чу шеран мангал-беттан 15-гIа де

Гергарчу Малхбалехь тIеман летарш марсадовларна лерина кху беттан 14-чу дийнахь телефонехула къамел хиллачул тIаьхьа Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда дIахьедина социалан машанашкахь, Оьрсийчоьнан президентана "суна санна хета, Израилна а, ГIажарийчоьнна а йукъара тIом берза беза" аьлла.

Шен постехь цу къамелах лаьцна Трампа тIетуьйхира, ша Путине аьлла, "цуьнан тIом а бу берзон безаш". Леррина делахь а, дацахь а, цу тӀаьххьарчу комментарийно Москван шалхалла гойтуш санна хетало: эзарнаш украинхойн маьрша бахархой байъина тIом боьдучу кхо шо сов заманчохь. Царех дукхахберш - буьйсанна тIамана генахь долчу церан цӀеношна тӀелатарш а дина хIаллакбина бу. Ткъа Оьрсийчоьнан арахьарчу гӀуллакхийн министралло йемал дина, цара ма-баххара, "маьрша йижина Iачу гIалина" Израило "дина тохарш".

Израилна а, ГӀажарийчоьнна а йукъахь дӀадаьхьначу тӀеман дараша тамаш бу-кх Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал йеш йолу агресси чакхене йуьгур йелахь. Цул сов, Оьрсийчоьнна пайден хила тарлуш масех фактор йу. Амма эххар а, кхин а цхьана баттахь, схьагарехь, бахлур болу тIом, цара хьабийр бац беттанашкахь.

Дронаш а, тидам дIабоккху факторш а

2023-чу шеран гIадужу-баттахь ХЬАМАС-о Израилна дина тӀелатар а санна, цул тӀаьхьа ГIазехь хилла тӀом а санна, Израилна а, ГӀажарийчоьнна а йукъахь хиллачу тӀемаша Малхбузен терго дIайоккху Оьрсийчоьно Украинана динчу тӀелатарх уггар а цаторийла йолчу хенахь. Кхеташ аьлча, Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Малхбузерачу кхечу пачхьалкхаша а Москвана дуьхьал луьра керла санкцеш йахар дийцаредечу йукъанна. Киевна а, цхьаболчу Европан лидершна а хетарехь, Москва лууш йац машар дIахIоттон ,шен ма-хуьллу и процесс йахйан хьийза иза, Оьрсийчоьнан позицеш тIеман аренгахь кхин а тIе тойан а гIерташ.

Мангал-беттан 17-чу дийнахь чекхйолучу кхаа дийнахь дӀахьочу G7 тобанан саммитехь санкцех а, кхечу хаттарех а лаьцна сацамаш бан мегаш белахь а, Израилан а, ГӀажарийчоьнан а конфликто и гӀулчаш тӀаьхьарчу тӀегӀане йаха мегаш йу. ТIейогIучу хенахь Гергарчу Малхбалера хьоло, Малхбузерачу герзах а, ахчанах а, кхин йолчу ресурсех а лаьцна дийца даккхахь, Украинерчу тӀамца къовсаме мегаш ду.

Москван тӀеман машен гӀелъйан хийзачу Малхбузен гӀуллакхийн доккха дакъа шен мехкадаьттах кхочу ахча лахдан гӀертарна тӀехьажийна ду. Цундела, нагахь санна Израилна а, ГӀажарийчоьнна а йукъахь тӀом хилар бахьана долуш мехкадаьттан мехаш хаъал ирхдолхахь, иза Киевна а, цуьнан агӀончашна а иэшар хир ду.

ГIажаройн ракеташ дохо хьийза Израилан ПВО системаш
ГIажаройн ракеташ дохо хьийза Израилан ПВО системаш

Оцу факторша кхин тIе а чIагIйан тарло Украинан тIамера проблемаш, Оьрсийчоьнан эскарш хьалха гIерта, меллаша долхахь а, дуккха а нах хIаллакбеш. Ткъа Киевн кIезиг аьттонаш хилла 2023-чу шарера схьа дуьйна.

Гергарчу Малхбалера конфликтера шайна цхьа са хир йу моьттуш хила а тарло Кремльна. "ГIажарийчоь йоцург, оцу хьолехь уггар а доккха тIеман-политикан зенаш хила тарло Украинана", - йаздина Москвара стратегийн а, технологийн а анализан Центран директоро Пухов Руслана Iедалхойн официалан "Российская газети" тIехь.

"Гергарчу Малхбалехь иккхинчу керлачу тIамо Оьрсийчоьно Украинехь болийначу тIамана тIера дуьненан йукъараллин терго дIайаьккхина ца Iаш, гуш долчуьнца, цо гӀо дийр ду Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ Израилна тӀеман гӀо дарехь тӀаьххьара а хийцамаш барехь", - аьлла хета Пуховна.

ГIажарийчоь йоцург, оцу хьолехь уггар а доккха тIеман-политикан зенаш хила тарло Украинана

Цул совнах, цо билгалдоккху, Израило ГӀажарийчоьнна тохарш даро "Оьрсийчоьно Украинехь дӀахьочу тӀеман гӀулчашна йеш йолу муьлхха а критика бакъ хилар талхор ду", ткъа мехкадаьттан мехаш хьалабахарца "Украинан а, цуьнан Малхбузен Европерчу бертахойн а Оьрсийчоьнан мехкадаьттан экспортах догӀу ахча лахлур ду" боху сатийсамаш бохор бу.

Вукху агIор аьлча, Оьрсийчоьнна Украинана дуьхьал лелон герз латторо, къаьсттина гIажаройн Shahed дронаш, бала бахьа тарло. Делахь а Оьрсийчоьно хIинца, Shahed-н буха тIехь дуккха а дронаш йу арахоьцуш пачхьалкхехь, "дуьххьара гIажароша йинчу дронашна гена а буьйлуш", билгалдаьккхира Оьрсийчоьнан а, Гергарчу Малхбален а эксперт йолчу Нотте Ханнас. Цо хьесап дарехь, Гергарчу Малхбалехь хиллачу керлачу эскалацица йоьзна негативе тIаьхьало хила тарло Оьрсийчоьно Украинехь лелочуьнца.

ТIеман аренна дехьа

Мангал-беттан 15-чу дийнахь Ӏуьйранна, ГӀажарийчоьно а, Израило а нах бойуш вовшашна дуьхь-духьал тохарш деш хиларна, Truth Social социалан машанехь Трампа йаздира, "вайга атта барт балур бу ГӀажарийчоьнна а, Израилна а йукъахь, и цӀий Ӏенош йолу конфликт дӀа а йоккхуш!!!"

Америкахойн президентан машар бан лаам, мел кӀезга а цкъачунна алсам го, Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийна тIом сацон гIиртинчул а. Трампа шен харжамийн кампанехь и проблема цхьана-шина дийнахь йерзо йиш йу шен бохуш, дӀахьедарш динехь, а, тахана а саццанза дӀахьош бу и тIом.

Маьрша бахархошна тIе йеттар сацон дуьхьал волчу Путинах шен бIаьрг бадарх дуьйцу Трампа, амма мухха делахь а, керла санкцеш Москвана дуьхьал йохуш йац.

Путин баккъалла а машар лоьхуш ву йа "шен позици вайна коча йолла хьийза" къастош, Трампа шина кIирана формалехь доцуш хӀоттийна хан чекхйаьлла кху деношкахь. ХӀинца Гергарчу Малхбалехь рогӀера тӀом хилча, Трампан куьг кхин а сов лаца мегаш ду, къаьсттина нагахь санна иза Кремле ГӀажарийчоьнан а, Израилан а машар барехь йа ТехӀеранан зарратан программех лаьцна барт барехь гӀо дехахь.

Путин пайден хуьлийла дуй?

Хьалхо, мангал-беттан 4-чохь телефонехула къамел хиллачул тIаьхьа, Трампа йаздира, важа "пайден хила тарлора" Американ президентан ТехӀеранца ГӀажарийчоьнан зарратан гӀуллакхашна дозанаш тохарх лаьцна планаш кхочушъйарехь аьлла.

Путин Владимира гIажаройн куьйгаллица дика йукъаметтигаш йу латтош (стохка Казанехь хиллачу БРИКС саммитехь даьккхинчу суьрта тIехь, иза ву ГIажарийчоьнан президентаца Пезешкиан Масудца
Путин Владимира гIажаройн куьйгаллица дика йукъаметтигаш йу латтош (стохка Казанехь хиллачу БРИКС саммитехь даьккхинчу суьрта тIехь, иза ву ГIажарийчоьнан президентаца Пезешкиан Масудца

Мангал-беттан 14-чу дийнахь Трампаца шен хиллачу къамелах льцна бинчу хаамехь Кремло дӀахьедира, Путина билгалдаьккхина "Оьрсийчоьнан агӀо кийча йу йукъархо хилла, болх бан" аьлла. ШолгӀачу дийнахь Трампа ABC News телеканале элира, ша "дуьхьал вацара" Путина йукъарло лелорна аьлла.

ХIаъ, дипломатин репутаци тойан лаам хилар шина а агӀонга хьажийна хила тарло. Къаьсттина- Гергарчу Малхбалехь коьрта дакъа лаца Путинна лаар бахьана долуш, Украинаца долчуьнца кхин а конструктиве хилийта тарло иза. Делахь а, тамаш бу, кхин дIоггара иза йухавалахь. Путинна хета тарло, Израилна а, ГӀажарийчоьнна а йукъахь шен хила тарлучу йукъарло лелорехь муьлхха а кхиам ша баккхахь, Украинехь тӀом сацоран перспективашца йоьзна шен позицеш чIагIлур йу аьлла. Путинна "Украина хьалхарчу меттехь йуьсуш йу", - билгалдаьккхира Нотте Ханнас.

Артиклан автор ву Гуттерман Стив

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG