"Ахмат" спецназан буьйранчас Алаудинов Аптис дийцина, ша куьйгалла дечу декъехь хIокху масех шарахь нохчийн доьалгIа дакъа бен дац аьлла. Украинана тӀелатар дале уьш дуккха а бара царна йуккъехь. "Ахматан" кхечу дакъошка дехьабаьхна йуьхьанца дуьйна цуьнан могIаршкахь хилларш, дIахьедина инарлас. Тхан сайто къастийра, муьлха дакъош хила тарло уьш.
"Ахмат" спецназа йукъахь болчу эскархойх лаьцна Алаудиновс шен дӀахьедар дина, цу декъан керла байракх йу бохучу йуккъехула. Нохчийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а цхьаьнатоьхна байракх йу и, Нохчийчоьнан куьйгалхочун ден Кадыров Ахьмадан суьртан кепехь эмблема а йолуш. Цуьнан дуьхь-дуьхьал йолчу йистош тӀехь йу динан ши билгало йу- исламан ахбутт а, православин жӀар а.
"Сан "Ахмат" йукъахь виъ мозгIар а, виъ имам а ву. Уьш дакъошкахула дIасалелачу заманчохь цаьргахь хилийта, оха кхоьллина йу ишта байракх. Йуьхьанца Далла Iамал йечу оцу нехан машенаш тIе летийна наклейкаш йара ишта", - кхетийра Алаудиновс.
Шина а динан дай цхьатерра терахьехь хила безаш хиларх кхетийра нохчийн инарло цу декъан къаьмнийн хӀоттаме хьаьжна. Цо бахарехь, Украинана тӀелатар долийначу хенахь "Ахмат" спецназ йерриг а нохчех лаьтташ йара, амма тӀаьххьарчу шина шарахь цу декъан ах дакъа оьрсий хилла, ткъа кхин цхьа доьалгIа дакъа, Оьрсийчуьра хилла ца Ӏаш, Советан пачхьалкхехь хиллачу кхечу республикашкара тайп-тайпанчу къаьмнех "лаамхой" бу.
Оццу шен интервьюхь Алаудиновс мах хадийра "Ахмат" спецназехула чекхбевллачу боллу эскархойн а – вуьйцург ву 23 эзар стаг. "Ахмат-Грозный" ОМОН-н командиран гIовсана совгIат дар бахьана долуш скандал иккхинчул тIаьхьа йовзийтина йу керла байракх. ХIетахь официалехь дIахьочу барамехь тидам хилира Оьрсийчоьнан байракхца хийцамаш хилар – ши корта болчу аьрзун суьрта тIехь жIараш йацара.
"Лаамхойх" спецназ
"Ахмат" спецназан" зонтикан брендан истори гергарчу барамехь йоьзна йу кхечу декъаца – маса декхарш кхочушдечу "Ахмат" спецназца. Иза кхоьллина 2009-чу шеран зазадокху-баттахь, йуьхьанца цуьнан цӀе йара СОБР "Терек". Иза кхоьллинчу хенахь дуьйна цуьнан коьртехь ву "Патриот" никца вевзаш волу, кхерамзаллин сервисан хилла куьйгалхо, Кадыровн бераллера дуьйна схьа доттагI волу Висмурадов Абузайд.
Алаудиновс шена гонах тIемалочун васт кхоьллина ца Iаш, динан-идеологин васт а цхьана кхуллу
Йуьхьанца "Терекан" Ӏалашо йара республика Оьрсийчоьнах йозуш ца хилар кхайкхош болчу Ичкерин вовшахтохараллин декъашхошца тӀом бар. Цуьнан эскархойх цхьа къаьстина тешам бара регионан куьйгалхочун – масала, Кадыров Рамзана Соьлжа-ГӀаларчу "Динамо" стадионехь 20 эзар гергга нохчийн ницкъаллин структурийн белхахой гулбича. Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, "Терекан" эскархошкахь а бен герз дацара, билгалдаьккхира хIетахь "Новая газето". ТӀаьххьарнаш кест-кеста Кадыровн гӀаролхой санна лелабора, иза Соьлжа-ГӀалал арахьа лелачу хенахь. Церан база йу Нохчийчоьнан куьйгалхочун дай баьхначу Ахмат-Юьртахь.
2021-чу шеран гуьйренца декъан куьйгалла дар Висмурадовгара дӀаделира "Терекан" оперативан-лехаман гӀуллакхийн декъан куьйгалхочун гӀовс хиллачу Вайханов Абусупьяне. 2021-чу шеран лахьан-баттахь цу декъан цӀе хийцира СОБР "Ахмат" аьлла. Цуьнца цхьаьна нохчийн Росгвардин кхин а шина дакъана керла цӀераш техкира – ОМОН "Ахмат-Грозный" а, ОМОН "Ахмат-Крепость" аьлла.
2022-чу шеран зазадокху-бутт болалуш Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, "Ахмат" СОБР-н эскархой, шайлахь, "Донбассера бахархошна орцах бовла хьийзаш бу" аьлла. Декъан эскархоша, къаьсттина Iаморан-тренировкийн центран инструкторша тIеман йуьххьехь доккха дакъа лецира "тикток-эскарш" боху кхетам йукъабаккхарехь. Украинера Луганскан кIоштахь автоматаш, гранатометаш йетташ, суьрташ хIиттош видеош йохуш, уьш йаржорна тиллира царна ишта цIе.
Рубежный олучу меттехь спецназан инструкторш цхьаьнакхийтира "Нохчийн Республикера эзар лаамхойн" коьртехь тӀаме хьажийначу Алаудинов Аптица, цу хенахь кхерамазаллин блокехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун гӀоьнча вара иза. Къаьсттина оцу мIаьргонехь Кадыровс хьахо долийра цкъа хьалха леррина дакъа, тӀаккха «Ахмат» спецназ а – йукъара цхьа Iалашонаш йолуш долу дакъош санна. Йуьхьанца цу йукъахь Рубежныйхь болу "Ахмат" СОБР-н инструкторш, "Запад-Ахматан" эскархой, талламхойн декъан "ЛНР-н" 2-чу корпусан декъашхой а.
СОБР "Ахмат" а, "Ахмат" спецназ а цкъа а хилла дац цхьа дакъа. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина чу йогIуш йара СОБР, ткъа 2016-гIа шо довш – Росгвардина, 2023-чу шеран мангал-баттахь тIеман министраллех дIатуьйхира спецназ. "Ахмат" спецназан куьйгалладар Алаудинов Аптина тIедиллинчул тIаьхьа а, "Ахмат" СОБР-н буьйралла деш вара командир санна Вайханов. 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь дуьйна "Ахмат" СОБР, лерринчу ницкъех къаьсташ, йанне а хьахош йац тӀеман хаамашкахь. ДӀалаьцначу дозанаш тIехь рейдаш йарх хаамашкахь бен йуьйцуш йац.
Вуьшта аьлча, "спецназ" цкъа а ца хилла лерринчу ницкъийн дакъа – цуьнан цӀарца хьахош йу Гуьмсехь йолу "Оьрсийчоьнан спецназан университет", цигахь тӀом болалуш дуьйна кечбеш хилла бу лаамхой. Цуьнан директорца Дашаев Адамца тӀеман министралло контракт йинера, Пригожин бунт гIаттайале хьалха, цул тӀаьхьа дӀакхайкхийра "Ахмат" спецназ официалехь Оьрсийчоьнан тӀеман ницкъийн дакъа хилла аьлла.
"Ахмат"спецназехула 23 эзар стаг чекхваьлла бохуш, Алаудиновс дина дIахьедар догIуш ду Кадыровс Нохчийчуьра Украине хьовсийна бохучу "лаамхойн" терахьца – стигалкъекъа-беттан йуьххьехь Путин Владимирца хиллачу цхьанакхетарехь цо хьесап дира 21,6 эзар стаг вахийтина аьлла. Нохчийчуьра верриг а тIаме хьажийна 55 эзар стаг, мехкан урхалхочо дIакхайкхорца.
Керстанийн а, бусалбанийн а эскар?
Украинехь тIом болийначу йуьххьехь дуьйна Алаудиновс хьалхатоьттура "Ахмат" спецназ "Iийса Пайхамаран эскар ду" бохуш, ткъа цунах лаьцна йаздечу z-блогеро Коц Александра тидамбира, царна йукъахь "славянхойн йаххьаш йолу нах дуккха а хилар"
2023-чу шеран аьхка Бахмутан йистошкахь хиллачу тӀемашкахь йийсаре лаьцначу "Север-Ахматера" а, "Юг-Ахматера" а тӀемалоша дийцира, "Ахмате" эпсарш къевлинчу кепехь дӀаоьцу тӀеман зеделларг долчу эскархошна йукъара, амма гӀашлойн эскар кхоьллина "шайн лаамехь болчу нахах" аьлла. Взводан буьйранчас Стадник Андрейс чӀагӀдора, шен куьйга кӀел хиллачу 23 стагах "пхеаннал сов нохчо вацара" бохуш.
Оццу шеран гIадужу-баттахь Кадыров Рамзана дуьххьара дIахьедира ЧВК "Вагнеран" хилла 170 йолахо "Ахмате" дехьаваьлла аьлла - "Ахмат" спецназан декъахь "Камертон" вовшахтохаралла хилира цунах. Стохка охан-баттахь Алаудиновс дIакхайкхийра, ЧВК-н йуьххьехь дуьйна командир хиллачу Кузнецов Александра (Ратибор) буьйралла а деш, керлачу декъе кхо эзар гергга вагнерхой хилларш схьаэцна аьлла. "Ахмат"спецназан командиро хIетахь дуьххьалдIа элира, йолахой Кузнецовн муьтIахь хир бу аьлла.
Карарчу хенахь, тӀеман аналитикан говзанча йолчу AmalNews проектан лараршца, "Ахмат" спецназехь 13 цу тайпа тоба йу, шайна юкъахь "Камертонах" кхоьллина "Каштан" тоба а, Ратиборца дехьабевлла "Искра" тобанан эскархой а. "Аида" тоба хаайелира Курскан кIоштахь хиллачу тӀемашкахь. Цуьнан куьйгалхо ву Москван кIоштахь хилла полисхо, шегарчу даржехь сов вуьйлуш, хьарамлонаш лелорна бехкевина хилла Юнусов Бекхан ву иза.
Хьалха хиллачу "Вагнерера" а, кавказхой боцурш дуккха а болчу кхечу дакъошкара а нах чубаьхкинчул тӀаьхьа, цхьана кепара "Ахматан" васт йуха а хийца дезаш хилира. Ахбеттаца а, жӀараца а йолу керла байракх – иза цхьа кеп йу, хIинца и дакъа "массарна а ду": бусалбашна а, керсташна а аьлла дIагойту, билгалдоккху блогеро, Украинехь тӀом бечу шейх Мансуран цӀарахчу нохчийн батальонан хиллачу пресс-секретаро Белокиев Ислама.
Суна ца хаьа, ша Нохчийчохь мила хир ву цунах воккхавеш а, дог иракарахӀуттош а
"Алаудиновс дукха хенахь дуьйна шена гонаха йеккъа цхьа тӀеман а, синан а, идеологин а васт кхуллуш ду. Цо хаддаза хьахош ду исламан пайхамаралла: Ӏийсах (Делера салам хуьлда цунна), керста нахаца барт барх лаьцна, Дажжалца тӀом барх лаьцна. Цо дерриг а вовшахтухий, цхьа худар до, шайна товш, амма сийсаза доккхуш гойту "серлонан а, боданан а тIамах" лаьцна сурт", - билгалдоккху цо.
Цу дешаран спецназан центрехула чекхбовлуш болчу нахах доккхаха долу дакъа, тӀамехь дакъалаца шайна луш долчу ахчанан дуьхьа бахана нах бу, коьртачу декъана йолахой бу, бохуш билгалдаьккхира Европехь болх бечу "Цхьааллин ницкъ" цIе йолчу Ичкерин боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.
"Царна, йолахошна, цо хӀинца и гIурт бу буьйцуш бусулба нахана а, керста нахана а йукъахь йолчу зӀенах лаьцна. Суна ца хаьа, ша Нохчийчохь а мила хир ву цунах воккхавеш а, дог иракарахӀуттуш а. Со тешна ву, федералан тIегIане гIерташ ву Алаудинов – Путинна томана, ткъа шечаьрга ала хьийза – Украинера тIом беза бу керста нахана, бусалбанашна а санна", - дийцаредо цо.
Хала ду ала, федералан центр реза йуй-те Нохчийчохь Ӏамораш дӀахьош болчу йолахойн хӀоттамна. Стохка марсхьокху-баттахь Гуьмсехь Ӏаморан центрехь ша хилча, Путин лаамхошка хьажийна протоколехь къамел а дина, IадIийра, ткъа цул а ахшо хьалха веанчу Оьрсийчоьнан кхерамзаллин кхеташонан куьйгалхочун гӀовса Медведевс дуьххьалдIа элира: Къилбаседа Кавказан регионашкара алсам контрактхой хьийсон беза Украинана дуьхьал бечу тIаме.
"Ткъа кхузахь нийсса бӀостане хӀума ду федералан центро дуьйцучунна йукъахь - кавказхой тIеозорехь а, "Ахмат" спецназо ша гайтарехь а - транснационалан, динашна тIехулара а, пайхамарийн аьлча санна, проект гойту. Шайна хьалхара бала алсам нах оьшу Кремльна, ткъа Алаудинов санна болучара, шайна ма-хеттара сацамаш бо. Оцу гӀуллакхо аьтто бо цуьнан, вербовка йен база шорйина ца Iаш, тIом беза бу аьлла, сурт хIотто а", - дерзийра къамел Белокиевс.
- 2022-чу шеран зазадокхуу-баттахь нохчийн оппозицин 1АДАТ боламо дуьххьара гайтира "Ахмат" СОБР-н къайлахчу набахтин суьрташ - цигахь, жигархоша дийцарехь, латтош бу лечкъийна бало махкара бахархой. И сурт даккха ка йаьлла хиллера 1АДАТ-ан администраторан Янгулбаев ИбрехӀиман, Нохчийчохь лелочу коррупцех, нах лечкъорах, Iазапаш хьегийтарх лаьцна дуьйцуш лелош социалан машанашкахь тоба хиларна тоххара ша лаьцна вигинчу заманчохь.